МУ "Итум-Калинский РОО"

Официальный сайт

Оханан беттан ткъе пхоьалг1а де-Нохчийн маттана лерина де

25.04.2023

2023-чу шеран оханан беттан ткъе пхоьалг1ачу дийнахь Итон-Кхаьлларчу Исаев Абубакаран Хьуьсейнан ц1арахчу йукъарадешаран йуккъерчу школехь д1адаьхьира "Оханан беттан ткъе пхоьалг1а де-Нохчийн маттана лерина де!" ц1е йолу цхьаьнакхетар. 

Цхьаьнакхетаран декъашхоша нохчийн меттан хазалла гойтуш йийшира байташ, элира иллеш, г1иллакх-оьздангалла гойтуш сурт х1оттийра.

Ненан маттах долчу хаарийн мехаллех а, и хаарш садахар а йара цхьаьнакхетаран 1алашо.

Цхьаьнакхетар д1адаьхьира нохчийн меттан,литературин хьехархочо Батукаева(Юсупан)Мохьин Зайдата.